Частное общеобразовательное учреждение «Школьная Академия «Вундеркинд» им. М.В. Куразова

Нохчийн зудчун дезачу денца даггара декъала до ас шу, хьоме Наной, лераме йижарий!

17.09.2023

Нохчийн зудчун дезачу денца даггара декъала до ас шу, хьоме Наной, лераме йижарий! Луур дара шун дахаран денош дог1ийла даима дог хьоьстуш доьзало, дикано. Ма гойла шун йаххьаш кхоьлина цкъа а. Ма дуьсийла шу цкъа а дан амал доцуш. Дуьххьара дуьненчу йолуш хуьлуш йу ц1е йо1 аьлла, хуьлу иштта цхьанна йиша, нус хуьлий йуссу керлачу х1усаме, цигахь йолу и лекхарчу дарже, шех хиларца - Нана. Доьзалехь барт латтош, йиша-вешийна йукъахь марзо латтош, даиманна а дуьненна а несала йоьдий йеха иза. Иштта хан жима, йа йоккха ца бохуш диканах-вонах чекхбовлу вайн нохчийн зударий. Къонахчух къонах вийриг, цуьнан сий лардийриг а ма йу вайн нохчийн Зуда. Дахаран б1ов йуттуш х1ора хелиг шен ховхачу куьйга къагош, нохчийн б1ов лакхайаккхарехь коьрта дакъа дерг, къонаха санна лаьтташ йерг, вежаршна даима дог лезнарг, шайн до1анехь уьш боьхуш йерг а ма йу вайн нохчийн Зуда... Хуьлийла шун дахаран х1ора де къагийна дикано, хьоьстийла шун экаме дегнаш Везачу Дала, хьакъ долу - Нохчийн зударий!!!